Декъашхой:
Ваха – жима стаг, 17 шо, овхаройн тайпана;
Йаха – 16 шо долуш йо1, чинахойн тайпа;
Эмза – Йахин да;
Сата – Йахин нана;
Берс – Йахин ваша;
Висам – Вахин доттаг1а, овхаройн тайпана;
Сана – Йахин накъост;
Т1аус – жима стаг, тумсойн тайпана;
Овда – Йахин шича;
Элси – Йахин шича;
Лорс – Йахин шича;
Донса – Валаргт1ера лор;
Куьри – лор ингалсхо;
Молла – йуьртана молла.
I ДАКЪА. 1 сурт.
ХVI- Б1ЕШЕРИЙН ЧАККХЕНА ЗАМА. ЛАЬМНАШ. ШОВДАНА ЙИСТЕХЬ ДИТТАШ. ШОВДАНА ЙИСТТЕХЬ БЕРД, ОХЬАДОГ1УШ ХИ. СЕХЬА МАЙДА. ЗУДБЕРИЙН ЭШАР: ДАЙМАХКАХ, БЕЗАМАХ. Т1АУС ШОВДАНА Т1Е ВОГ1У. БАСАРЕН Г1ЕБАРТОЙН Г1ОВТАЛ ЙУЬЙХИНА ВУ. ШАЬЛТА, ДОЬХКАНАХ ЙОЬЛЛИНА НОХЧИЙН ТАПЧА.
Т1АУС. (Г1АЙГ1АНЕ ГЕНА ХЬОЬЖУ, ЦХЬАЪ ЛОЬХУ) Йаха… Йаха… мичхьа йу хьо? Луларчу йоккха стага Датус къайлаха ма аьллара соьга, Йаха шовдана йистте йан реза хилар. Со ган дагахь. Соьца! (СИНТЕМ БОЦУШ Д1АСА ВОЛАЛО. РЕЗАВОЦУШ) И ма хьенйелла. (ЙОГ1ИЙ ХЬОЖУ)
(ЙАХА САНИЙЦА ДЕХЬА АГ1ОРА ГУЧУЙОЛУ К1УДАЛШЦА. ЦХЬАЪ ДУЬЙЦУШ САМУКЪНЕ ЙОЬЛУ)
ЙАХА. Хьажахьа, Сана, хьоьга хьжуш-м вац и «г1ебарто»?
САНА. Х1ан-х1а, сан доттаг1, иза лерамен жима стаг хьо лоьхуш ву.
ЙАХА. Х1унда ву и соьга хьоьжуш?
САНА. Йаха, дицделла хьуна?
ЙАХА. Х1ун дицделла? Ца кхета со, хьо х1ун ала г1ерта. Алий йалахь. Даима санна бегаш бо ахьа.
САНА. Ца бо аса бегаш, Йаха, дицделла хьуна Датус вайга хаьттина, маца хьо г1ура йу хи да шовдана? Схьалаца хьайна!
ЙАХА. Хирг хира дац! (ЙЕЛАКЪЕЖА). Со иштта ца ловзу.
САНА. Безамах кхеттарг а, т1амт1ехь санна воьхна хуьлу.
Т1АУС. (ЗУДАБЕРИЙН АЬЗНАШ ХЕЗИНА СХЬАВОЬРЗУ) Суьйре дика хуьлда, Йаха! Дика дац, хьайга хьежийта дика нах.
ЙАХА. Хьан хуьлда суьйре дика… дика стаг! Со-м ца кхета ахьа х1ун дуьйцу.
Т1АУС. Хьуна муха ца хаьа? (ША ШЕГА) Хазачу маьхкарийн амал йу моьтту суна иштта. (ЙАХИГА) Хьоаме йо1, хьажахьа, со атта оьг1аза воьдучарех вац хьуна. Делахь а, маьхкаршкахь товш хета суна шега аьлларг дар а, шен дешан да хилар а.
ЙАХА. Бехк ма билла суна, жима стаг, хьан ц1е а ца хаьа суна. Делахь со-м йац ахьа дуьйцучунах кхеташ. Кхин цкъа а бехк ца биллар доьху, сан аг1ора хьуна цатам хиллехь.
Т1АУС. Аса ма элира хьоьга, со дегабааме вац. Ткъа ц1е-м Т1аус йу сан. Со тайпана турсой ву.